Марха Дастарн Iийда

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру религии / верования / культы. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785006833227.

Аннотация

Рамадан кхебна марха дастарна 1ийда-ламазел хаза х1ун ду?! 1ийдан дийнахь лелон дезаш суннаташ ду. Уьш довзар вайн т1ехь ду. Кху жайни т1ехь уьш доьвзар ду вайн. Т1аккха вайн 1ийд беркате хира ду.

Читать онлайн Сайд-Селиман КIант Хьусаин - Марха Дастарн Iийда


© Сайд-Селиман КIант Хьусаин, 2025


ISBN 978-5-0068-3322-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

МАРХА ДАСТАРАН 1ИЙДА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!


Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн, амма ба1ду:


Ислам динехь ши 1ийда ду. Ши самукъа долу коьрта де ду. И шиъ 1ийдул-фит1ри, 1ийдул-адхьа́ ду. 1ийдул-фит1ри, – иза марха дастар ду. 1ийдул-адхьа, – г1урбан де ду.


Лараме бусалба нах! Дала самукъдалар т1едиллина вайна цу шина дийнахь. Цу шина дийнахь муьлхха а марха кхабар хьарам дина. Х1унда дина иза хьарам? Хьо х1ума йууш самукъдаьлла хилийтархьама цу дийнахь. Г1елвелла воцуш, мацвелла воцуш, хазачу, дикачу куьцехь хилийтархьама.


1ийд бохург, – самукъдалар ду. Оьрсийн маттахь «праздник» бохург ду иза. Бакъду, кериста нехан санна 1еса самукъдалар дац бусалба динан 1ийда. Бусалба динехь ши 1ийда маца ду ойла йиний ахьа? Дер ду цхьа доккха 1ибадат чакхдаьллачул т1аьхьа, и 1ибадат даздеш. Марха дастаран 1ийда Рамадан бут кхаьбча ду. Г1урбан 1ийда хьадж дича ду. И бохург х1ун ду? Дера ду, бусалба стеган самукъдалар Дала 1ибадатах доьзна хилийтина, х1унда аьлча бусалба стеган самукъа далар Делан динца тасаделла хилийтархьама. Х1унда аьлча динца доьзна долчу х1уманца долу самукъдалар т1ехь ч1ог1а ма ду, кхечу бахьнаца долучул а. Ахьа тидам бинехь, цхьа ша кепара дика хуьлу-кх бусалба стеган дог цу 1ийдан деношкахь. Самукъадалар динца доьзна хуьлу-кх цу деношкахь. Цундела, массера самукъа долу цу дийнахь Веза-Сийлахьчу Дала массо бусалба стеган самукъа доккхийла цу деношкахь.


Цундела, лараме бусалба нах, вайн ши 1ийда динца доьзна долу дела, цу шина 1ийда дийнахь леладан дезаш хаза мелехь х1уманаш ду, Дала вайна билгал дина долу. Вайн марха дастар а, г1урба даздар а шена чохь Дела хьахош воцуш ца хилийтархьама. Мелхо а вайн самукъадалар даима Делаца тасаделла хилар а, вайн самукъа далар беркате хилийтархьама.


Ткъа Ислам динан шина 1ийдан бух мичара бу? Мичара ду и ши де даздар?

Дера бу цуьнан бух дукха боккха, ладог1а ахьа!

Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Мадийнате веара, ткъа церан ши 1ийда (ши деза де, праздник) дара, уьш ловзуш (самукъа доккхуш) цу шина дийнахь. Т1аккха цо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира:


Рекомендации для вас