Ассаламу алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба, Веза-Сийлахь Аллах1а массо х1уман низам кхоьллина. Ша 1алам кхуллуш низмехь кхоьллина Цо, х1ора х1ума шен низамехь лелаш. Буьйса денел хьалха ца йолу, де буьйсанел хьалха ца долу. Шарчохь йолу йиъ заманах цхьа а вукхуллаъ хьалха ца йолу, х1ораъ шен-шен низмехь лела. Цо гойту Веза-Сийлахь Аллах1ан низам дезаш хилар. Цунах билгалла долу вайна низам беркате х1ума хилар, пайде х1ума хилар.
Веза-Сийлахь Аллах1а эрна кхоьллина дац вай, цхьан балхан кхоьллина ду вай. Шена 1ибадат дан. Ткъа Далла 1ибадат дан вай могуш а, маьрша а хила деза.
Цундела, Веза-Сийлахь Аллах1а боху къуръан чохь:
«Шуна моьттира ткъа, Оха шаьш бегашина кхоьллина ду? Шаьш Тхоьга йуха а доьрзур дац».
Эрна кхоьллина дац шу бохург ду иза. Цундела, низамехь ваьхчи бен Дала т1едиллина декхар кхочуш далур дац вайга. Амма низамехь ца дахаро бохамаш бо вайна. Цундела адамин дахар низамашка нисделла. Массо х1ума цхьан низамехь ду адами, ша нисдина цо иза иштта. Х1унда аьлча низам ца хилча цхьа а х1умма д1ацадоьдун дела цуьнан.
Дахарехь долу х1ума низамехь хилар Веза-Сийлахь Аллах1 т1едиллина вайна.
Веза-Сийлахь Аллах1а къуръан чохь боху:
«Шайн куьйгашца шаьш х1аллак ма де».
Т1къа низам ца хилча бохамаш хуьлуш хилча, адам х1аллак хуьлуш хилча – вайна юкъахь низам хилар т1едужу вайна. Т1къа тахна уггаре ч1ог1а адаман низам оьшу меттиг некъ бу. Дукха машенаш ю кху замангахь адмехь. Некъан низам ца хилча лелалур воцуш некъа т1ехь. Цундела, маше юкъа яьлча адмо некъан бакъонаш билгалла еш низам кхоьллина, некъа т1ехь долу дахар могуш а, маьрша а хилийтархьам. Некъа т1ехь воьдург а, вохург а могуш а, маьрша а хилийтархьам. Бохамаш ца хилийтархьам некъа т1ехь. Цундела, некъан низам лардаро адам 1алаш дон дела, т1къа некъан низам лар ца даро адам х1аллак дон дела, некъан низам лардар фарз ду массо адман. Лардинчун Веза-Сийлахь Аллах1ера ял х1уьлуш, ларцадинчун къа а хуьлуш. Некъа низам лардарца стаг ялсамане ваха мега, ларцадарца жоьжахат а ваха мега.