Ламазан догIа

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру религии / верования / культы. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785006094789.

Аннотация

Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма ду кху жайни чохь. Дас-нанас шайн доьзална 1амо деза х1ума ду кху жайни чохь ду.Ламаз дечун хаа дезаш долу коьрта 1илма ду кху чохь. Х1ара жайна ламазан кечам барх жайна ду, кхулла т1аьхьа шоллаг1а жайна а хира ду ламаз муха дан деза хьоьхуш, ламазах хаа деза дериг х1ума шена чохь долуш, Далмукълахь

Читать онлайн Хьусайн Шовхалов - Ламазан догIа


© Хьусайн Шовхалов, 2023


ISBN 978-5-0060-9478-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЛАМАЗАН ДОГIА

ДЕШХЬАЛХЕ

БиссмиллахIиррохьманиррохьийм. Хастам бу АллахIана Iаламаш кхиош-кхобуш волчу. АллахIера салават а, салам а хуьлда АллахIан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, берриге асхьабашна а. Цул тIаьхьа:

Лараме бусалба ваша, йиша! Уггар хьалха Дала вайна т1едиллина декхар – иза Ша цхьаъ вар, Шеца кхин дела воцуш, Мухьаммад Делан лай а, Элча а хиларх тешар ду. Иза коьрта бух бу стеган бусалбаллин. Цул тIаьхьа Iамал ян еза бусалбачу стага. Ткъа бусалбачу стага уггар хьалха ян еза Iамал – ламаз ду. Ислам динан баххьех шолгIа бух бу иза. Iумар бин ХаттIабан кIант IабдуллахIа {Дела реза хуьлда цушинна аьлла}: «Суна хезира АллахIан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} олуш: «Ислам пхеа (бух) тIе доьгIна: «ШахIадат – АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Аллах1ан Элча ву. Ламаз дIахоттадар. Закат далар. Хьаж дар. Рамаданан марха (кхабар)» [1].


Цундела, ламаз Ислам динан шолгIа коьрта бух бу. Жимчохь дуьйна Ламаз чIогIа лардан дезаш ду бусалбачу стага. Амма ламаз дале хьалха дуккха а хIуманаш ду ламазна кечам беш кхочушдан дезаш. Ламаз дийриг уьш девзаш вацахь, гIалаташ хир ду, тIаккха цуьнан ламаз нийса хир дац. Цундела и уьш довзар чIогIа коьрте ду бусалбачу стагана.


Х1ора хIуманан шен хьалхе а хуьлу, чаккхе а хуьлу. ХIора хIуманан шен догIа а ду. Ткъа «ламазан догIа» хIун догIа ду хаьий хьуна, лараме ваша, йиша? Иза Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} билгалдина вайна. Делан Элчо {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} аьлла: «Ламазан до'гIа – цIеналла ю, цуьнан дIадехкар – такбир ду, цуьнан чекхдалар – салам далар ду» [2].


Ламаз дале ламазан цIанвелла хила веза бусалба стаг. Ламазна ян еза цIеналла йина хила веза. ЦIеналла ламазан догIа хиларе терра, цу цIеналлин Iилма а довза деза бусалбачу стагана. Шеца цIеналла а йоцуш ламаз дан магийна дац цхьанна а. ЦIеналлина юкъадогIу ламаз дийриг ламаз эцна хилар, лийча тIехь делахь лийчина хилар, нажасах цIена хилар, иштта кхидерг а. Цундела Веза Сийлахьчу Дала ламаз дале хьалха ламаз эца аьлла бусалбачу нахе. Сийлахь Везачу Дала боху Къуръан чохь: {ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна дIахIуьттуш, шайн яххьаш йила, куьйгаш а дила голашка кхаччалц, шайн коьртах (хица тIадийна шина куьйган пIелгаш) хьакха, когаш била хьорканашка кхаччалц}.


Рекомендации для вас