1ибадат

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру современная русская литература. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785005694003.

Аннотация

Книга о сути жизни. О том, как человеку найти счастье в этом мире. Как стать успешным в жисни. Как быть приятным людям, в чём секрет этого.

Читать онлайн Хьусайн Шовхалов - 1ибадат


© Хьусайн Шовхалов, 2022


ISBN 978-5-0056-9400-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

1ИБАДАТ

ДЕШХЬАЛХЕ

А1у́зубилла́х1иминашшайт1о́ниррожийм. Бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм.


Берриге хастам Аллах1ана бу, 1алам кхиош-кхобуш Волчу. Салават а, салам а хуьлда Аллах1ан Элчанна Мухьаммадана а, цуьнан ох1ланна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь царна т1аьхьа мел ваьзначунна а, къемат де даллац.


Лараме бусалба нах! Адам Дала цкъа бен дуьнен чу кхуллуш дац. Цхьаъ бен дахар ца делла Дала адмана. Д1адаьлча кхин юха дог1ур дац и дахар, амма цунах жоп дала дезар ду цуьнан Далла хьалха. Дахар нийса д1адахьа нийса кхетам хила беза цуьнгахь. Дахар д1адахьа деза дуьненахь а, эхартахь а шена цунах пайда хир болчу кепара. Цунах доьзна ду эхартан а, дуьненан а ирс.


Дахарах лаьцна нийса кхетам вайна карабо Дала вайна делчу шарий1атехь. Х1унда аьлча, шарий1ат нийса некъ болу дела, Дала массо 1аламна билгал бина болу. Цу т1ехь верг гал вер вац, цу т1ехь воцург нийсонна т1ехь хир вац.

Цундела, вешан дахарах ма-хуьллу дукха пайда муха эца йиш ю билгалдоккху вай кху жайни т1ехь вайна массарна. Даим вешан дахарех вайна Делера ял муха хир ю билгалдоккху вай кху жайни т1ехь. Вешан дахар Аллах1 реза волчу кепара муха нисдан йиш ю билгалдоккху вай кху т1ехь. Цу 1илманца вешан дахар эрна ца хилийта, вай дуьненахь лелош дерг эрна ца хилийта, даим Делан къинхетам вайца хилийтархьама.


Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай! Дала Ша реза волчу кепара нисдойла вайн дахар!


Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

21 зуль-къа1да 1443

19.06.2022

НИЙСА КХЕТАМ

Муьлххачу а х1уманан шен довзийтар хуьлу. Шен маь1ница хьуна иза девзича, цунах кхетар ч1ог1а хуьлу хьан, иза даг чохь сацар дика хуьлу, цунах кхоччуш нийса кхетам а хуьлу хьоьгахь. Цундела, хьалха х1уманан маь1нех кхетар коьрта ду, т1аккха цунна т1едоьг1начух кхета атта хуьлу хьуна.


Тахана вай бусалба ду. Ислам дин лелош схьадог1уш ду вай. Делахь а, массо цхьабосса вац цу динна т1ехь. Дукхахдолу уммат г1ийла ду шен Ислам- динна т1ехь. Бусалба нах бусалба бу шайн ц1арца, амма шайн куьцаца бац. Дин леладо цара 1адат санна, х1ора дийнахь беш болу болх санна. Ламазаш до, мархийн беттан хан т1ееача марханаш кхобу, хьадж дан хан т1ееача хьадж до, воккха хилча зуда ялайо, мац велча юух1ума юу, наб еача д1авуьжу, п1ераскан дийнахь рузбане воьду, саг1а ло, иштта д1а кхидолу динан белхаш а до, кхин церан ойла а ца еш, церан хан т1екхаьчча дег1о ша-ша ала мегар долуш, д1а а хуттий, кхочуш до уьш. Цхьа чохь са а доцуш, делахь а далаза долчу адамех тера ву иштта бусалба стаг. Х1унда аьлча, ша дечу 1ибадатан маь1на девзаш вац иза. 1ибадатах кхеташ вац иза. 1ибадат х1ун ду хууш вац иза. Ша деш долу 1ибадаташ робото санна деш, д1алела иза. Цундела ду уммат г1ийла 1ибадатна т1ехь, цунах кхета ма-деззара ша кхеташ доцу дела. Иза довзар а, цунах кхетар а ч1ог1а коьрта ду Далла герга вахар т1ехь.


Рекомендации для вас