Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру современная русская литература. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785449891266.

Аннотация

Кху жайно гойту:Ялсамани Делигара эца езаш хилар.Ялсаманин мехах нийса кхетар.Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.Ялсамани доггаха езначеран масалш.Ялсамане кхачар коьрта 1алашо хила езар.Ялсаманин дуьхьа цхьа а х1ума дукха ца хилар.

Читать онлайн Хьусайн Шовхалов - Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам


© Хьусайн Шовхалов, 2020


ISBN 978-5-4498-9126-6

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ


Хастам бу Аллах1ана вайна Ша вовзийтина волчу. Вайх Шен бусалба лайш динчу. Дикачу 1амалшна бекхамна вайна ялсамани кечйинчу. Вайна иза яккха аьтто бинчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, асхьа́башна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачу стагана а.


Ялсамани!

Ма мерза дош ду-кх иза бусалбачу стагана. Цуьнан ц1е яьккхича вешан са шовкъе долу цуьнга кхача лууш, дог тохало цуьнан дозаллина, синан самукъадолу хазачу совг1атна, б1аьрг белало цуьнан сурт х1иттош, юьхь екхало цуьнан ойла еш!

Дала хаийтина вайна Ша ялсамани кхоьллина хилар. Иза яккха цуьнан дуьхьа бала беза мах а билгалбина вайна Везачу Дала.

Цундела, ялсмани мах вайна схьабостуш, цунах луург х1ун ду билгалла деш яздина аса х1ара жайна.


Нийсачу кхетамал сийлахь х1умма дац. Цуьнга кхочуш цхьа а х1ума дац. Ткъа кху жайница суна лиънера ялсамани яккхарехь бусалбачу стеган хила беза нийса кхетам билгалбан, ялсамани дуьхьа бала безачу механа т1ехь бусалбачу стаге само яйта.

Дала ялсаманин мах д1а а белла, ялсамани доьлхуш самукъадоккхийла вайн. Амин, я Аллах1!

Шовхалов Хьусайн.

ЯЛСАМАНИН МАХ

Вайх массо ву ялсамани ваха сатуьйсуш. Массарна лаьа ялсаманин ох1лунах хила. Ткъа ялсамани ваха лаар дика ду, бусалбачу стеган иштта лаам хила безаш а бу.


Делахь а цхьа лаам хилча ца тоьа ялсамани кхача. Вайна лаарна г1ур дац вай ялсамани чу, иза яккха езаш ю дика 1амал ярца, цуьнан дуьхьа цхьа бахьанаш леладарца.

Ваьшна цхьа х1ума езча цуьнга са туьйсуш 1ай вай? Ца 1а. Х1унда аьлча иза езаро ца хуьлуьйту, цуьнан дуьхьа вай къа ца хьегча. Х1ора х1уманан кху дуьненахь шен мах бу – я ахчанца, я къахьегарца, я кхидолчу х1уманца. Ткъа хьо цуьнан мах д1абала а ца хьаьжча, цуьнан дуьхьа бахьанаш ца лелийча, хьуна иза даггара езаш ца хуьлу.


Ткъа иштта вайна езаш йолчу ялсаманин а бу-кх шен мах. Цуьнан дуьхьа а дуккха къахьега деза. Ялсамани еза меттиг ю ахь яккха йог1уш, ткъа деккъа «суна лаьара ялсамани чу ваха» бахарх г1уллакх хир дац, къахьега деза вай цуьнан дуьхьа.

ЯЛСАМАНИ СТЕНЦА ЙОККХУ?

Дала ялсамани исбаьхьа ч1ог1а хаза кхоьллина ю. Цунах тера цхьа а х1ума дац, и санна хаза а, дика а, йоккха а.

Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла


Рекомендации для вас