© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025
ISBN 978-5-0068-1834-7
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
БисмиЛлах1иРрохьманиРрохьийм. Хастам Аллах1ан бу 1аламаш Кхиош-Кхобуш волчу. Цуьнан салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчан Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, Асхьабашна, царна т1ехь мел ваьзначун а. Цулт1ехь:
Айса жайна йаздеш йукъ дилла дийцар эшча, наггахь дийцар оьшуш хуьлар суна хьалха жайнеш чохь хьахийна долу. Т1аккха иза муьлхачу жайни чохь дуй хьожи цу чуьра схьаоьцура аса. Амма йаздина жайнеш дукх гулделча муьлхачу жайни чохь ду суна оьшу дийцар билгала ца хуьлура. Леха дезаш хуьлар. Цулт1ехь суна даг деара уьш цхьанна гулдича атта хира даркх суна аьлла. Т1аккха уьш гулдан хоьттира со. Цулт1ехь суна даг деара уьш жайни чохь ара хецча дика хирг хилар, нахан цунах пайд хила тарлокх аьлла. Цундела вайн жайнеш чуьра схьагулдина вай х1ар дийцарш бусалба нахан пайден. Веза-Сийлахь Деле доьху вай кху жайнах пайд бар бусалб нахан, вайн йукъахь дика дерг даьржаш, вон дерг д1адолуш.
Сайд-Селиман кIант Хьусайн
Пайхамаран заманахь цхьана дийнахь цунна т1е цхьа буобер деара, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан элча, сайн бешана гондахьа керт нисъеш вара со, ткъа кертан дуьхьал сан лулахочуьнан дитт нисделла суна, некъ хадош.
Аса цуьнга дийхира и дитт суна далар, цуьнца сайн керт нисъян, цо ца делира суна иза. Т1аккха аса цуьнга иза сайна схьадохка элира, ца доьхкира цо. Х1ун де ас, х1ай, Аллах1ан элча, къастаде х1ара 1уллакх».
Пайхамара цу к1ентан лулахо кхайкхира шена т1е. Иза схьавеача цо цуьнга дийцира к1анта шега дийцинарг. Лулахочо иштта ду иза элира.
Т1аккха пайхамара дийхира цуьнга цо и дитт цу к1антана д1адалар я иза цунна дохкар. Лулахо реза ца хилира.
Пайхамара юха а элира: «Д1адохка и дитт цу к1антана, т1аккха Дала хьуна цунна дуьхьал ялсамани чохь дитт лур ду хьуна, говрахь волчу стага б1е шарахь некъ бийр болуш, цунна бухахула ша валале».
Гондахьа лаьтташ болу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) цецбевлира цу доккхачу совг1атех. Ма доккха совг1ат ду иза? Делахь а лулахо реза ца хилира цунна, дуьне дукха дезар бахьана долуш.
Т1аккха Абу Дахьда́хь ц1е йолу пайхамаран асхьаб юкъавелира царна, пайхамаре хаьттира цо: «Ас и дитт эца эцна, цу к1антана дитахь суна хир дуй ялсамани чуьра и дитт?
Пайхамара элира: «Хир ду».