Минбаран хьехамаш

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру религии / верования / культы. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785006761773.

Аннотация

Минбаро хьехамаш бокх вайна, ткъа мел беркате хуьлу цуьнан хьехамаш. Мел лараме ладуг1у цуьнга бусалба нах. Минбаран хьехам ца хилча, мегар волуш вац ц1ена бусалба стаг. Минбар т1ера хьехам шена беза дела, минбар а еза цунна. Ткъа иза бусалба стеган хазачу куцаншах цхьа куц дукх.

Читать онлайн Кiант Хьусайн Сайд-Селиман - Минбаран хьехамаш


© Кiант Хьусайн Сайд-Селиман, 2025


ISBN 978-5-0067-6177-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ислам дини баххаш

1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а – цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.


2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».


3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг – хууш ду, цамагийнарг а – хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг – шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг – хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь – дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь – дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза – дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].


4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла:


Рекомендации для вас