Малика. (бакъала хиллачух дийцар)
(Цайевзачу нохчийн йоь1ан сий лерина! Дала г1азот къобалдойла цуьнан!)
– Малика, самайала, хьалаг1атта, сан йо1! Нанас хьайна мел мерза йуург йина хаий хьуна! Хаза йовхачу сискалийн хьожа ца кхета хьуна! Деттина дакъийна жижиг… т1оберам…
Йалх шо кхаьчначу Маликина т1ейог1ий нанас гилгаш доху, цуьнан самайалар дайн хилийта, самукъане хилийта. Х1аваэ йаьлча санна, мархах месаш х1акхалуш, бовхачу малхо хьоьстуш хета, самукъане йелалуш хьалаг1отту Малика. Нанас шовдана хи схьадуттуш, шен горгачу хазачу, к1айн йуьхьах и сирла хи туху йо1а, сабана хьожа йог1уш к1айн гата хьокху цо, ненан карара схьаоьций! Нана къовллий марайуллу… нана йоьлу шен йо1ах самукъадолуш… Малика йоьлу… йоьлу…
Шелоно, мацалло 1овжийначу кийрано самайоккху ворх1, барх1 шо кхаьчна хира долуш йолу Малика. Гонаха 1аьржа йу х1инца, а, х1ара хьаьрчина йижина чохь 1уьллаш долу, жимачу тоьланах тера ор… наха нехаш д1акхуьйсучу меттиган гена доцуш коьллашна йуккъехь ду и ор! Жимчу йо1а ша даьккхина ду и ор… Шен кегийчу куьйгашца… м1араш а кегъеш… г1орийначу лаьттахь, нехан керта уллохь! Оьрна чу буха кхийсина цхьацца бехчалгаш, чах х1уманаш хиларна, бухахь шел ца ло йо1, набарах йоллушехь, кхин самайалан ца кхуьуш, ха хорцу цо, шелъелла аг1о бухахь жимма йохйалийта…
Самайаьллачу йо1ана х1инца а шена хезаш хета шен ненан аз… Амма мацалло кхин а ч1ог1а 1овжийначу кийрано г1ийла аз долийта йоь1ан… наха д1акхийсинчуьра, шена карош йолчу йуучу х1уманах тера хетайелла, х1уманаш йиина 1аржйина жима горга батт. «Суьйрана меттигерчу казахаша д1акхоьссинчу нехашна йуккъехь х1умма а йац техьа, мацалла 1ехо!» – дагадог1у Маликина. Амма шен тоьлийначура шелонах кхоьруш и хьалаг1атта ца ло.
Дависа х1ай Дуьне! Шело а, мацалла а, шайн къовсамехь, 1ожаллийна шийла кхаъ беш, аша х1окху дуьнена чуьра д1а мел дадийна, д1акхаьллина жима а, доккха а са!
Жимчу Маликина Дала, ша и малик санна, х1ора буса доийтуш цхьа месала ж1ала дара… Маликас шен дайн 1едалехь ц1е, а тиллинера цунна «Борз» аьлла. Малика шийлачу буьйсана г1ора ца йойтуш, йо1ана улло… цуьнан миска букъ бохбеш охьадуьжура и… Наггахьа Маликина даь1ахк, а йохьура цо… уьстаг1ан… бежанан… масана хуьлу и, ж1аьлина карош. Хьекъален ж1аьло, дукха хьолахь, оцу даь1ахкана т1ехь ца хууш йисина йолу чохчам, жижгах дисина парду а ша хьа а ца деш йо1ана схьадохьура… Маликас шен кегийрачу цергашца даь1ахкана т1ера шега йаккхалуш йолу х1ума схьайаьккхича, т1аккхий бен и даь1ахк ша ца 1овшура «Борзас», «къаршт!» бохуш кегга а йеш.