Мохьмад а, цуьнан мостагl lаьржа-lимран а.

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанрам героическое фэнтези, сказки, детская фантастика. Оно опубликовано в 2025 году. Книге не присвоен международный стандартный книжный номер.

Аннотация

Это сказка на чеченском языке, которую я написал ещё 2014 году. Спустя долгое время я решил немного доработать и опубликовать данную историю. Сказка предназначена воспитать в детях уважение к традициям, любовь к Родине и семье. Имена героев соответствуют именам моих младших братьев. Приятного чтения) оставьте отзыв, если вам не составит труда)))))))0

Читать онлайн Idris Daudov - Мохьмад а, цуьнан мостагl lаьржа-lимран а.


Мохьмад а, цуьнан мостагllаьржа-lимран а.

l. Йуьртан истори

lаш хилла цхьана тишачу йуьртахь хlинц-хlинца пхийттара ваьлла Мохьмад цlе йолу кlант. Шен ден-ненан воккханиг вара Мохьмад. Цуьнан Юсуп цlе йолуш ваша а вара, цул жима вара иза. Цуьнан итт шо дара. Уггаре а жимачуьнан ц1е Халид йара, цуьнан пхи шо бен дацара, дуьненахь мел долу хlума ловзаран дакъа ду моьттуш, зезагна тlе хьийза полла санна, самукъадаьлла воллура и. Чlогlа дена а, нанна а муьтlахь а болуш, дика кхиийна доьзал бара иза.

lаш болчу йуьртах лаьцна дийцича, йурт йохийна, тиша йара, «х1ух1» аьлла, гора йожийча санна. Кхо-диъ шо хьалха йохийнера иза lаьржа-lимран цlе йолчу стага. lаьржа-lимран аьлла цуьнан цlе йаханера, иза дог-lаьржа хилар бахьана долуш. Даг чохь мекхалла йолчуьнан бен иштта дог хуьлийла а дацара, ткъа иза цуьнан амалехь гучу а йаьлла, ч1аг1йеллера. Хьалххе дуьйна и lаьржа-lимран ца везаш хилла йуьртахошна. Бахьана цхьаъ дара – и йурт шен карайерзо гlертара иза, амма йуьртахоша дуьхьало йора.

Иштта диъ шо хьалха веанера lаьржа-lимран йуьрта, шена йурт схьало аьлла. Йуьртахой дуьхьала бевлира. Хала баьхкира уьш мостагlчунна дуьхьало йеш. Йурт дlа ца йелира цара, цундела чlогlа йохийнера иза оьгlаза ваханчу lаьржа-lимрана. Иштта жим-жимма бахьанаш а леладеш, меттахlотто гlерташ бохкура йуьртахой. Цул тlаьхьа, кхо шо делира. Йурт тайина ца бевллера, амма цхьажимма метта хlоттийнера. 1е-баха меттиг йира шайна йуьртахоша.

Йуьрта lаьржа-lимран веанчу хенахь, Мохьмад цlахь вацара. Шен ваша а эцна, гергарчаьрга ваханера иза. Цигара цlа веанчу хенахь, иза чlогlа цецваьллера. Дикка хьаьжча бен ца йевзира цунна йурт, хиллачух дукха хlума ца диснера. Дедас дийцира хилларг Мохьмаде. Ла а доьгlна, Мохьмада элира: «Со воккха ма хилла, цхьа жимма онда ваьлча дlадоькъур ду».

Хlора дийнахь lемаш вара иза дуьхьало йеш оьшу г1ирс караберзош, тайп-тайпана халонех чекхволуш. Шеца шен ваша а lамавора цо. Шарахь lийра иза кечлуш. Дикка кечвеллера Мохьмад, lаьржа-lимранна дуьхьало а йина, цуьнга кхин иштта йарташ йоха ца йайта, иза дlаваккха.

II. Мохьмад новкъавалар

Шен дегара а, ненера а пурба а даьккхина, шен ваша а эцна новкъа велира Мохьмад. Муьлхачу меттехь лаха веза ца хаьара Мохьмадана шен мостагl lаьржа-lимран. Мохьмадана хаьара ша иза лоьхуш дукха lийра вуйла. Лар йоцуш санна, лела олура иза. Делахь а ша бечу вочу белхан лар-м йуьтура цо…


Рекомендации для вас