Два друга горца ПХЬАРМАТАН МАРШО (Свобода Прометея в стихах, сценарий на чеченском языке)

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанрам мистика, античная литература, фольклор. Оно опубликовано в 2025 году. Книге не присвоен международный стандартный книжный номер.

Аннотация

Ширачу заманахь хилла бохуш вуьйцуш волчу Пхьарматах лаьцна иллина т1ера даьккхина берашна йаздина туьйра. Уьнахь дуьйна дукха ширачу замане д1айуьгу берийн ойла туьйрано, ширчу заманера турпалхойша Куьйрас а, Лечас а. Пхьармат к1елхьара ваккха дукха къа а хьоьгу цу шимма.

(Сказка-легенда о нарте Прометее для детей среднего и старшего возраста.

Куьйра и его друг Леча отправляются к вершинам снежных гор, чтобы освободить Прометея из плена нахского языческого бога и грома Села.)

Читать онлайн Вахит Хаджимурадов - Два друга горца ПХЬАРМАТАН МАРШО (Свобода Прометея в стихах, сценарий на чеченском языке)



(по чеченской легенде о Прометее – Пхьармате)


Дакъалоцурш:

Куьйра Ткъейха шо долуш, жима стаг.

Леча Куьйрин доттаг1.

Зезаг Куьйрин езаш йолу йо1.

1-йо1Зезаган накъост.

2-йо1Зезаган накъост.

3-йо1Зезаган накъост

ПхьарматСелин ц1е ядийна волу нарт.

Села нохчийн стелахаьштигаш тухуш волу дела.


1 дакъа. 1 сурт.


(Сцени т1ехьара хеза шира нохчийн мукъам, цу мукъамца декаш ду аз)

Башламан корта бу лайн дарцах къежа

Шелонан кийрахь ду Пхьарматан дог.

Эзара шерашкахь ларбина тешам,

Адмашлахь догуш ду Пхьарматан дог!

Оьг1азе Села ву хаьштигаш детташ,

Пхьарматна елла цо йист йоцу хан.

Стигланаш лаьмнашца вовшаха етташ

Села! Ма яхъелла къизалла хьан!


(Боккхачу ломах яьккхина тоьла, цу чохь ах шана юккъехь лаьцна воллуш Пхьармат, ломана лахахь кегийра дитташ лакхахь ло, хьоькхуш мох. 1аьржачу мархашна юккъехь  Селан юьхь-сибат гучудолу.)


Села. Аса хира ду ва  аьлларг хилан ма деза!

Аса хира дац ва аьлларг хира ма дац!

Бакъ дуй и, ва Пхьармат, мелла хьежан веза!

Собарен шерашкахь со хьоьжуш вац?!

Пхьармат. (Накхана т1е олбина корта ойбуш, коьрта т1ера ло а дожош, т1е йисйиллина ц1оцкъамаш ойбуш, б1аьрганег1арш а доьллуш.)

Бакъ ду и, ва Села, 1аламат онда

Бу ницкъа хьан карахь …Хьо дела ву!

Вац хьуна, ва Села, оццул со сонта,

Сан даг чохь 1ийжаш бериг къинхетам бу.

Села.

Аса ма де ва аьлларг, дира ахьа тешна,

Сан дашна дуьхьалла дуьхьалло еш!

Хьан дашана ва хьалха сан дош ма эшна!

Ваьллий-те хьо дохко ойланаш еш?!

Пхьармат.

Къинхетам, адмалла коьртаниг дара,

Еш ч1аг1о, дохадеш хьан ч1ог1а дош,

Сайн дуьхьа дацар-кха хьан дош ца лардар,

И сирла алу аса адмашна хьош.

Сан кийра къуьйлуш ю турпалла ойла,

Ц1е хилла догуш ду турпалла дог.

Башламана шано со велахь а къевлина

Ч1аг1о сан хийца дац дуьненахь дош!

Села.

Хьо бахьна ма ду-кха адмаш ткъа тахна

Сох делар! Ловзаеш ницкъалла ц1е!

Сох тера шаьш хеташ адмаш г1ад дахна!

Хьо йеца, ва Пхьармат, кхардаман з1е?

Ваьллий-те хьо дохко динчунна айхьа?

Хьажал цкъа схьа соьга, сиха дере дел!

Пхьармат.

Ц1еран дай шаьш хиларх, кхардам бац адамехь.

Шелонех, мацаллех бевлла-кха уьш .

Баркалца йоккхуш ду Делан ц1е адмаш.

Ч1аг1о сан хийца дац бахьана гуш.

Села.

Эзарнаш шерашка хан-зама яларх,

Сан ц1аро дагор ду хьан довха дог!

Башламан шелонехь довр ду хьан дахар,

Шелоно морцура ду хьан дилха дег1!

Ца элира алан дац хьан соьга кхана,

Адмашна дицлура ду хьан турпала дог!


Рекомендации для вас