Мимбаран нур. Хьалхара жайна

О книге

Автор книги - . Произведение относится к жанру религии / верования / культы. Год его публикации неизвестен. Международный стандартный книжный номер: 9785006721463.

Аннотация

Мимбаран нур – иза мимбар т1ера даьржина Делан дин ду, Цуьнан 1илма ду. Мимбаран нуьрца нисло вай дикачу х1уман т1ехь. Мимбарана нуьрах схьаоьцу вай х1ора п1ераскан дийнахь нур. Цуьнца нуьре хуьлу вай жах1лан боданаш вайх къахкош, Ислам дин довзарехь са довлуш.

Читать онлайн Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов - Мимбаран нур. Хьалхара жайна


© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн Шовхалов, 2025


ISBN 978-5-0067-2146-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а – цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа – цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.


2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».


3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг – хууш ду, цамагийнарг а – хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг – шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг – хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь – дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь – дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза – дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].


4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла:


Рекомендации для вас