Редактор ИсмаIал Акаев
Дизайнер обложки ИсмаIал Акаев
Иллюстратор Изнаур Акаев
Переводчик Янина Дикаева
Переводчик ИсмаIал Акаев
© Мзия Ратиани, 2022
© Мурман Ратиани, 2022
© ИсмаIал Акаев, дизайн обложки, 2022
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022
© Янина Дикаева, перевод, 2022
© ИсмаIал Акаев, перевод, 2022
ISBN 978-5-0056-6100-5
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Йешархойн кхеле суна йилла лаьа ткъе итта шарахь сан дас Ратиани Мурмана къа хьегна йолу книга.
Советан Iедалан муьрехь цуьнга дукхозза дехара динера книга зорбане йаккха аьлла, амма йогIуш йолчу урхаллаша боххучу кепара иза хилийта цуьнан аьтто бацара. Теша лаьа дас шен ойланехь хIоттийна хилла сурт сан кху книги тIехь кхолла аьтто баьлла хиларах. Ас шеко йоцуш дIабоху, хIара болх бечу хенахь цо нийса тидам бора, цо къаьмнаш а, динан башхаллаш а ца къестош, лаккхара мах хадабора бакъ йолчу къонахаллин а, доьналлин а.
1962-чу шарахь Ратиани ГIебартойн-Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а командировке дIахьажийнера. Цигахь цунна шортта бевзира цу республикашкара похIма долу, Iилма долу нах. ЦIейаххана вевзаш волчу гIебартойн йаздархочо Шортанов Аскербис дерзийра Ратианин дахар кхоллараллин хорше. Йовр йоцу лар йитира цуьнан даг чохь Шортановн «Ламанхой» цIе йолчу романа. Цундела ларамза дацара цо шен говзарна ишта цIе тиллар. ХIирийчохь иза веза хьаша вара Чехоев Сарабин а, Царукаев Владимиран а хIусамашкахь.
Кавказан истори кIоргера йовза лууш волу иза шен корматаллехь тIаьхьа консультантан бен болх бина вацара. Цуьнан белхашкахь йоккха лар йитина нохчийн цIейаххана вевзаш волчу меттан Iилманчас, профессора Дешериев Юнуса. Иза сих-сиха тхо долчохь Гуьржийн махкахь хьошалгIахь хуьлура.
1968-73-гIа шерашкахь Ратиани Къилбаседа Кавказера ара волуш вацара, цигахь цунна кхоллараллин дуьненера шортта нах бовзийтира Ратианин нохчех схьаваьллачу махкахочо Дуашвили Мохьмада. Къилбаседа Кавказехь вевзира цунна лезгински йаздархо Лезгин Нямет а. Ратиани иза волчохь Кусарски кIоштахь хьошалгIахь а хуьлура. «Зеламха» цIе йолчу романан авторца, нохчийн йаздархочунца а, дессидентаца а Мамакаев Мохьмадаца дукха гергарло латтийна ву Ратиани. Иштта Ратианина схьабеллера кхарачойн йаздархочун, «Обарг» цIе йолчу повестан автор волчу Хубиев Османан дукха белхаш а, иштта йоккхачу Кавказера йаздархойн а, историкийн а зорба тоха магийна доцу кехаташ а. 2001-чу шарахь дуьйна Ратиани Мурмана ша биначу талламийн а, иштта Кавказера шен доттагIашкара кхаьчначу кехатийн а буха тIехь зорбане йаккха кечйеш йара шен роман, амма 2013-чу шарахь иза цIеххьана кхелхира. 2015-чу шарахь дуьйна ас дIаболийра дех биссина хилла болх.